Музыка Р.Паскаева на слова М. Айсханова
Юха а буьйса ю, сов еха буьйса
Седрачийн тхов к1еллахь тийнале йижна
Генарчу стиглара шие хусама босса
Бутт а бу къоналийн болар сихдина
Юха а буьйса ю хьомечу юьртахь
Хьо хир ю со санна наб яйна хьийзаш
Безаман т1улг1енаш айбина кийрахь
Хьа хаза дут1къа аз эшаршка доьрзаш
Генахь а йоццушшехь даиман соьца
Хуьлийла лаьа хьо куьг куьгах тоьхна
Халонах, ирсах а чам боккхуш хьоьца
Д1аваха некъ хоьржу ас массо а ханна
Буьйсанал аьхналлехь хар мог1наш яздеш
Сан дог ду йовхонца хьан даге кхийдаш
Д1аэца цуьн 1аткъам, д1аялла къайле
Дохур Зина хьоьга цуо хаза кхаьънаш...
Негізгі бет Шедевр чеченской классики. Из репертуара С. Магомедова "Юха а буйьса ю" (Репетиция)
No video
Пікірлер: 12