Чергазийна чехкалла, цу некъа бохалла!
Цкъа тоьхча тоьар ю дикчу динна шед.
Цкъа тоьхча тоьар ю, цкъа тоьхча тоьар ю,
Цкъа тоьхча тоьар ю дикчу динна шед.
Дуьнена доккхалла, цу неха дукхалла!
Цкъа аьлча тоьар ду дикчу къента дош.
Цкъа аьлча тоьар ду, цкъа аьлча тоьар ду,
Цкъа аьлча тоьар ду дикчу къента дош.
Схьаяло, хаза йо1, лам т1е дала ва вайша,
Ламт1ера ламхошца лам боькъур вайша.
Ламт1ера ламхошца, ламт1ера ламхошца,
Ламт1ера ламхошца лам боькъур вайша.
Сан туьра дитта т1ехь некъ буьллур вайша,
Сан тоьпа г1опа т1ехь юрт юьллур вайша.
Сан тоьпа г1опа т1ехь, сан тоьпа г1опа т1ехь,
Сан тоьпа г1опа т1ехь юрт юьллур вайша.
Хьан хуьта г1абали г1оьвлинга юьллур вай,
И 1аьржа сан верта т1етосур вайша.
И 1аьржа сан верта, и 1аьржа сан верта,
И 1аьржа сан верта т1етосур вайша.
Негізгі бет Музыка Чергази / Старые чеченские песни
Пікірлер: 12