«Нохчийчоь, сан сирла седа!»
Байчу мохо ийдеш т1ома,
Хьоьсташ малхо, беттасино,
Кхуьуш зезаг суна гира,
Нохчийчоь, хьан арахь, ломахь.
Гена махкахь лелаш хиларх,
Сан даг чохь хьо даим хилла:
Са гатта делча -- хоьжуш г1ийла,
Деладелла -- векхна хилча.
Шарал дахлуш доца денош,
Дагах лестарх шийла шело,
Цо ницкъ лора ларбан тешам,
Нохчийчоь, сан деган безам.
Хан т1екхаьчча -- къаста дезаш,
Чакхе декъал еш сай некъан,
Ганн лаьаркха и хьан зезаг,
Нохчийчоь, сан сирла седа..
Яндарбин Зеламха 1987 шо
Негізгі бет Нохчийчоь, сан сирла седа!
Пікірлер: 3