Х1окхку къогахчуьн ц1е ца хаа суна. Шен кхайкхамехь кхо боху, зуда йалор болх вай берриге а зударшка д1а а лой, цара иштта хила дезий, вуьштта хила дезий, наха санна дан дезий бохуш, х1ума гал доккху бохуш... Кертара ара йолуш йолчу йишина улле х1уттий, вашас сурт даккхар усалла х1ума хилар дуьйцу цо.
Къамел дика а до цо, нийса а до. Амма, суна кхин а т1е тоха леар цо аьллачунна.
Йо1 д1ахьажор, нускал далор гал ч1ог1а даьккхин дуккха а х1умнаш т1аьхь.
1. Эрна дуккха харжнаш йо (д1а коч, схьа коч лелош). Дерриге а хаза г1иллакх - и т1елхигаш д1ас кхиссар ду моьтту. Ма дарра аьллачи, хьашт а доцуш, мел а, саг1а а доцуш, дозаллийна, ца дина ца алийта лелош х1умнаш ду уьш. Т1аккха дуьйцуш а лела, шаьшш и оццал х1ума динер, дуьхьал к1адда а ца ди бохуш...
2. Вотий-пондарий меттан, вай къома боцу мукъмаш хуьлу, юккъахь лоькхуш суьлийн зурма а хир ю (дудка). Ловзаргах дискотека йина.
3. Мацалла хоьттин санна, нехан текх т1ера хьала г1овта ца кхеташ, берриге а синкъерам - гай йузор хуьлу, юх-юха а йууш, цкъа а х1ума ца гина санна. Г1ехха кхаьллин юхавала ца хаа. Хьалха аьхь дар и. Баккхийнаш оха ховша аьхь хеташ леттачу хена, кегийрхой, ша элий санна столт1аьхь бежаш хуьлу.
4. Божарий хелха бовла ийзалуш, зудбераш санна сетташ хир бу, йо1арий, шаьшша хелха а буьйлуш, наггах, божарех а хелха буьйлуш бохкур бу (цера-м бехк а баций, божарий коча лелаш хилчи) :)
Негізгі бет Нохчийн 1адат лардарех лаьцна дуьйцу
Пікірлер: 3