Бозбанчалла | Разоблачение колдунов в чечне 2021
👉 ❌ #БОЗБАНЧАЛ_Б1АЬРГ
🔥 ЗУДАРИЙ А 🔥БОЗБУУНЧАШ А
🔥Жоьжахатийн цIе дукха хьолахь зударех латор йолуш а ю. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьйла цунна) аьлла: «Дала суна жоьжахати гайтира цу чохь дукхахберш зударий а бара». [Бухарий, Муслим]
Хьекъал дерг ша а генавер ву харцо яржош болчарех, ткъа зударшна юкъахь хуьлу Дала яздинчунна реза йоцуш, собар дайна, сиха оьгIаза йоьдуш ерг а, иза (яздинарг) шен лаамца догIуш ца хилч. ТIаккха йолало иза шен лаам кхочушбан, Дела оьгIазавохуьйтуш иза белахь а, бозбуунчана тIейоьду иза, цуьнца ша юьсу иза, цо Iеха а йо иза, сий а дойу, юх-юха шена тIейола олу цо цуьнга, Iалашонаш кхочуш хилийта, я цу зудчунна а бозбуунчалла до цо, иза шена юх-юха тIеяийта а, цуьнгара ахча даккха а, цуьнан юх-юха сий дайа а.
Имам аль-КъуртIубийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Нахах дукха хьолахь и бозбуунчалла лелош, леладойтуш берш а зударий бу, къаьсттина шаьш цIано йоьхна болчу хенахь». [Ал-джáмиI лиахькáмил-Къуръáн, 2/35]
ТIаккха зударшна тIехь дерг АллахIах кхерар ду, Цунах кхераро декъалалла а, паргIато а хуьлуйту, Дала боху: «АллахIах кхоьруш волчунна, (Дала) паргIато а ло, цунна дагахь доцучу агIора рицкъ а ло». [Ат-ТIалакъ, аят: 2-3]
Кхин а царна тIехь ду Дала шайна яздиначунна реза хилар а, шайн догIмийн лаамаш а, сатийсамаш а бахьанехь бозбуунчашна а, харцо кхуллуш болчарна а тIе а оьхуш, шайн дин ца дохкар а. Шайн цхьа гIуллакх кхочушхила уьш лууш белахь, Деле товжа беза уьш юх-юха а Цуьнга доьхуш, доIанаш деш, Иза ву дика деш верг а, вон духатухуш верг а.
Дала боху: «АллахIа хьох цхьа зен хьакхадалийтахь, и дIаайдан цхьа а ма вац, Иза воцург, ткъа нагахь санна хьуна цхьа дика дан Цунна лаахь, Цуьнан комаьршалла юхатоха а вац-кх цхьа а». [Юнус, аят: 107]
⎯⎯⎯⎯⎯⎯⎯⎯⎯⎯⎯⎯⎯⎯⎯⎯⎯⎯⎯⎯⎯
#сихр #сихьр #бозбанчал_б1аьрг #сихр #сихьр #хиндерг #куфр #ширк #бозбанчал #жайнеш #могшалла #цамгар #цамгарш #лечение #признаки #бIаьрг #лазар #цим #cim #хьаг1 #могшал #дарба #сихьр #б1аьрг #б1аьргхилар #палтиссар #палтасар #керт #бозбанчал #антисихьр #анти_сихр #адамэльжуркаев #эльжуркаев @ibnuadam_95
🔔KZitem ссылка указана в профиле страницы ✅
Негізгі бет РАЗОБЛАЧЕНИЕ КОЛДУНОВ 👉 ❌
Пікірлер: 128